Сообщений: 101 | | #91 - 20 февраля 2012 в 23:48 | |
Валид Дагаев - Лойша суна Лойша суна шийла шовда, Амма цIена шовда ло! Адмийн дегнаш чуьра мекха ДIаяьккхина цIандийр ду. Лойша суна, безам лойша, Амма сирла безам ло! Дерриг халкъаш, барт цхьаъ бина, Бертахь даха ховшор ду. Лойша суна сийна стигал, Амма цIена стигал ло! ХIай адамаш! Лаьттахь, стиглахь Ас машар дIахIоттор бу! Лойша суна, аш ирс лойша, Дуьненнал ирс суна ло! Сайна пайда цунах ца беш, Шуна ас и дIалур ду! Даймахкера безам гайта, ДоттагIий, аш таро ло! Цуьнан дуьхьа муха веха, Муха ле ас гойтур ду!.. КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #92 - 20 февраля 2012 в 23:52 | |
Валид Дагаев - дог дохден цIе Iаьржа буьйса, буьрса буьйса -- Дарцо левси кхийсайо. Дино лергаш дуьхьалтуьйсу, Халчу новкъа вогIу со. Сан бора дин ма кIайбелла -- Дарцо тIе кIур биллина. Ломахь тхойшиъ некъах тилла -- ХIусмах ас дог диллина. Цецах санна, гIиттош верта, Сох чекхбуьйлу шийла мох, Тхойшиннех шен пхьор дан гIерташ, Барзо бIаьргаш къегабо. Сан дин, сой шиъ, дарцо гIорош, Шело даге кхийдайо, -- Хьеше кхойкхуш цхьаннан-м корехь ГIийла серло еттало. Барзах, къуьнах хьаша къасто Iамийна вайнехан пхьу, Генна дуьхьалдогIий, хьоьстуш, Тхойшинна некъ хьоьхуш ду... -- ХIей, нах! -- олий, ас мохь туху. Корехь серлаболу чиркх. Вевзаш вацарх ломахь наха Даим оьцу хьаша чу. -- Беркат шорта хуьлда хьоьца. Воссал, делхьа, хьаша хьо! -- Олуш ондда луьйта лоций, ХIусамдас со воссаво... -- Дела ва хьо могуш марша, Ма гIелвелла хир ву хьо! Кху тхан тишчу хIусмах вашахь, Даккха тхоьца дийнна шо! -- Олий, йоьлуш дуьхьал йолу Нохчийн сийлахь цIенана. Шарахь цаьрца Iан дог догIу, ДIавоьддашехь со кхана. Сох ца къаьсташ, баьрчче болий, Чохь дIахIутту дорцан кIур. -- Хьаша веъна вайга! -- олий, Набарх гIотту берийн сур... Божлахь сан дин паргIатбаьлла, ХIинцца паргIат вер ву со. Кхача кечбеш, марсаяьлла, Пешахь кхерсташ хир ю цIе. Цу кхерчарчу цIарочул а Хьаша вохвеш, йовхо луш, Ю вайнехан коьмаршалла, Ду вайнехан оьзда дош! КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #93 - 20 февраля 2012 в 23:55 | |
Валид Дагаев - малхе кхевдий Малхе кхевдий, Зезаг даржа Дулу Iуьйранна, Шийла шовда Даьржа ара дIа. Зезаг дужу, ЯгIахь шийла гуьйре. ТIе ша буьллий, Шовда лакъадо. Ас кхиийна И хьан деган зезаг Лиънера сайн Иллехь Iалашдан. Шовда санна, И вайн цIена безам, ТIехь ша боцуш, Даим сирла ган! Реза вара со Валлалц а ваца, Хьан ирс кхолла, Дахар нуьре деш. Халчу новкъахь Хьуна серло лаца, Хьо яхийта, Цкъа а къан ца луш! Хийти хьуна, Веъча санна къолах Дайна дакъа Я ирс лачкъо хьайн. Со-м ву реза Хьайн везначун долахь Хьо хилийта, Хеттехь иштта вайн! Хьо хуьлийла ДIо седанал генахь. Цкъа а вовшийн Вай ма гойла кхин! Хьанна хаьа, Дуьхьал вагIахь гIенах? Сан бертаза Хир ду хьуна и!КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #94 - 20 февраля 2012 в 23:57 | |
Валид Дагаев - Гечделахь, нана Сан нана, хьо стенна ойлане йоьжна, Кийра хьан богу те гIалат сох доьжна? Резаеш, со цIергахь вага ву кийча, Дог а ду детталуш довхачу цIийца. Амма го хеназа къежбелла корта, Халонаш дахарехь лайна ахь шорта, Нана, хьан дикалла кхачаяц йийцарх, Дешнашца ларавац безам хьоь бийца. Хийла сох гIалатло йоьжна а хир ю, БIаьргех хи даллал дог Iовжийна хир ду, Делахь а, нана, сох къинхетам белахь, Дийлинчу гIалатийн хьесап ма делахь.КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #95 - 20 февраля 2012 в 23:59 | |
Валид Дагаев - шоферах илли Некъ бу шера, хьийзаш, беха, Машен лело хала ду, Чехкаллах хьо ма ло Iеха, Хьоьга хьоьжуш Нана ю. Ломахь, арахь, юьртахь, гIалахь Белхан хьашташ кхочушдеш, Лелаш ву хьо наб а яйна, Хийла стаг ву цунна теш. Корехь мохо шакарш етта, Чиркхаш догу, серло луш. Буьйса къагош бутт цакхетарх, Мел а гена некъ бу гуш. Некъ нислойла, хьовзам боцуш, Марша цIехьа верзалахь, Хало хиларх, урх ца хоьцуш, Даим сема хилалахь.КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #96 - 21 февраля 2012 в 00:07 | |
Али Димаев - ни о чем не жалейте Никогда ни о чем не жалейте вдогонку, Если то, что случилось, нельзя изменить. Как записку из прошлого, грусть свою скомкав, С этим прошлым порвите непрочную нить. Никогда не жалейте о том, что случилось. Иль о том, что случиться не может уже. Лишь бы озеро вашей души не мутилось Да надежды, как птицы, парили в душе. Не жалейте своей доброты и участья. Если даже за все вам — усмешка в ответ. Кто-то в гении выбился, кто-то в начальство... Не жалейте, что вам не досталось их бед. Никогда, никогда ни о чем не жалейте — Поздно начали вы или рано ушли. Кто-то пусть гениально играет на флейте. Но ведь песни берет он из вашей души. Никогда, никогда ни о чем не жалейте — Ни потерянных дней, ни сгоревшей любви. Пусть другой гениально играет на флейте, Но еще гениальнее слушали вы. КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #97 - 21 февраля 2012 в 00:11 | |
Iела Димаев - Нохчийн тойнан йиш Тхьамдега ладугIуш Хьаналчу цIен тIехь, XIapa оьзда той хIинца ДIахьор вай бертахь. Екаел, пондарча, Самукъне эшарш, Айадел, вотанча, Къонахойн хелхарш! Мила ву дехьа чохь Совнах гIap йийриг? Я, эшарш вай лоькхуш, Сагатдеш Iийриг? Садуу гIайгIанаш Чим хилла йойла, ГIайгIано къарвийриг Нанас ма войла! Ван а вуй цхьа а кIант Вайн тойх ца ваша? ГIаттал цкъа, цхьанделхьа, Хьомсара хьаша! Схьагайтал ахь чехка Шайн хелхар тхуна. Уггаре хаза йоI Хоржур ю хьуна. Вай Iep, дайх дисина ГIиллакхаш лоруш, Махко тIейиллина Оьздалла ойуш. Кад айа оьздачу Мехкаршна тIера, ДIамала яхь йолчу КIенташна тIера! Ца молуш Iийр ма вац Дог вайца дериг. Маларна тIехвер вац Ша къонах вериг. Кху хIусмехь беркате Хьеший лаьттийла! Хьешашна там бина Да хуьлда сийлахь! Вайгара баркалла Ду хIусамнанна - Шун мерза, юьхь екхна Цуьнан хиларна! Баркалла, баркалла Массо а ханна Тхьамдина - тхьамдалла Цо дика дарна! Шун нускал шуьцанна Дехийла бертахь, И бахьнехь ирс-беркат Дебийла кертахь. Ехийла яхь йолу КIант вина нана, Къонахий кхиийна Вайнехан амал! КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #98 - 21 февраля 2012 в 00:17 | |
Iела Димаев - боданан шал белшех хьарчийна Боданан шал белшех хьарчийна, Базбелча къастаран бала, ЦIерпоштан чкъург харц ца карчийта, ДоIанаш дийр ду-кх ахь, Нана. Хьайна ца девзачу бIешаре, Хьайн Деле, дикачу нахе, Буьйсане, беттасин эшаре Со воьхур ву-кха ахь, Нана. Ца хууш, хьайн бIаьрхин декхаро Ца вуьтий со паргIатвала, Ца хууш, хьайн цIенчу дехаро Байбойла къастаран бала. Боданан шал белшех хьарчийна, Базбелча къастаран бала, ЦIерпоштан чкъург харц ца карчийта, ДоIанаш дийр ду-кх ахь, Нана. КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #99 - 21 февраля 2012 в 00:27 | |
ГIапур Алиев - Десачу гуьйна тIе Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна, КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, гила-борз санна, Акхачу хьаннашкахь лазамна угIа. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Карраш зен гIевттинчу майданийн койша Узтазаш неIалтах багочу дийнахь, Сан илли дIадоьду, сира сай санна, Тарханийн назмане ладоьгIуш латта. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Курхалчаш, гIазотан байракхаш ловзош, Къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь, Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна, Еллачу ярташкахь хьан серло леха. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Кхоаме, тишачу барзакъе санна, Халкъ шен лайн амалшка хьоьжучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, къена мурд санна, Бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий Баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна, Хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?!.. КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #100 - 21 февраля 2012 в 00:48 | |
ГIапур Алиев - Гузуев Хьуьсейнан безамна Елхалахь, елхалахь, елхалахь, езар, Ас хьайга дийцинарш дага а лаций. Хьайн дагна Iийжамаш сох бисна алий, Елхалахь мохь тоххий, нахал а ялий. Сан коштIехь елхалахь, елхалахь, езар, Сан кIорнеш тIаьхьара елха а еш. Эзарнаш ас йина ойланаш агий, Елхалахь мохь тоххий, нахал а ялий. Хиллачех, хиндолчех елхалахь, езар, Сох диснарш дерриге дагар а дай. Со ала ца кхиънарг диканна алий, Елхалахь мохь тоххий, нахал а ялий. Елхалахь мохь тоххий, елхалахь, езар, Ас цкъа а цадинарш ас дина алий. Ас динарш дерриге хьайн дуьхьа ларий, Елхалахь мохь тоххий, нахал а ялий. КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #101 - 21 февраля 2012 в 01:14 | |
Валид Гадаев - дIагIохьа, хьайн Делан дуьхьа ДIагIохьа, хьайн Делан дуьхьа, ДIагIо, сан си тIехь ца лаьтташ. Сан хIума дац хьан юьхь ян -- Хьан Iуьйре тIам хецна гIаттал. ДIагIохьа. Хала ду хета, Доллучух кхиъначу хенахь. Хала ду хьо герга хета, Хуъушехь хьо юйла генахь. ДIагIохьа. Хала ю буьйса, -- ГIенах а гIене сатийса. ДIагIохьа, дуьхьал ца туьйсуш, Хьуо самах йоллучохь йиса. Хьуна а, сайна а метта Самахдерг соь лалур деца. Дуьненах диэ хьайна хеттарг -- Сан гIенийн гIенаш дIахеца. КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #102 - 21 февраля 2012 в 01:16 | |
Валид Гадаев - дог Iехадо хазахетаро Дог Iехадо хазахетаро, ТIаьхьало йоцуш дуй хаарх. Ларамза вай вовшахкхетар а Цхьаъ дара -- вай къаста бахьна. Хаза гIан гIенах а дезало, Хьо сацо лаьара лаа-м. Амма гIан цкъа хада дезарна, Йитира, боцуш дегабаам. ТIехтилла хьо хазахетар, Масане тили цул тIаьхьа. Хьо ас а йицйира хIеттахь, Вицвина хир вара ахь а. Ткъа тахна ца йолу тIаьхьара, Дуьхьал ван сан некъ ца хилча... Дуьнен тIехь хьо йоций хааро Хьо йицъян ца вуьту хIинца.КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #103 - 21 февраля 2012 в 01:22 | |
Валид Гадаев - Нохчийчоь Лазийний? Лазийна, хьаха. Къаръеллий? Дера ца елла! Луъураш дуьйцийла наха -- Нохчийчоь яла ца елла. Йожийний? Йожийна, хьаха. ГIоттур юй? Ас вала дуьллу-кх: ГIоттур ю гIоттучу малхах, Яха, кхин малхах ца туьлуш. Бакъ хиллий? Бакъ хилла, хьаха. Беллачех хьогчу вай дохуш-м... Амма вай кхуьур ду даха... Белларш схьабелира бохуш.КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #104 - 21 февраля 2012 в 01:29 | |
Хьуьсен Бетильгириев - Десачу гуьйна тIе Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна, КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, гила-борз санна, Акхачу хьаннашкахь лазамна угIа. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Карраш зен гIевттинчу майданийн койша Узтазаш неIалтах багочу дийнахь, Сан илли дIадоьду, сира сай санна, Тарханийн назмане ладоьгIуш латта. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Курхалчаш, гIазотан байракхаш ловзош, Къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь, Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна, Еллачу ярташкахь хьан серло леха. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Кхоаме, тишачу барзакъе санна, Халкъ шен лайн амалшка хьоьжучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, къена мурд санна, Бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?! Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий Баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна, Хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла. Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча, Со мича гIур вара, мича?!..КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |
Сообщений: 101 | | #105 - 21 февраля 2012 в 01:35 | |
Хьуьсен Бетильгириев - Нана сий деш Сан нана, хьол хаза, хьол деза дуьненчохь х1умма а дуй? Хьан сий деш вала ву реза, тешаеш ца баарх дуй. Хьешана мерза пхьор х1иттош хила хьайн хьийза до са. Ца лела цабезам г1иттош, я хьайна ца лоьху са. Шовданна к1ела лоьцуш канаш дахаре безам ца бов, Ехийла хьо санна нана 1алаш ян марзонан б1ов. Сан нана, сан деган зезаг, хьайн йовхо схьалуш хьо 1а, Хьоьца ду суна мел дезнарг, томе ю къамелан 1аь. Г1иллакхе, оьзда ю даима коьрта т1е йис йиларх к1ай, Ахь Деле мел дехнарг дай и-м, цундела ю хьо юьхь-к1ай. Сан нана, хьол хаза, хьол деза дуьненчохь х1умма а дуй? Хьан сий деш вала ву реза, тешаеш ца баарх дуй.КОГДА ПОДНИМУ Я МЕЧ МОЙ СВЕРКАЮЩИЙ, И РУКА МОЯ ПРИМЕТ СУД, ТО ОТОМЩУ ВРАГАМ МОИМ И НЕНАВИДЯЩИМ МЕНЯ ВОЗДАМ ! |